Хусейн Расаев – Баркалла оьзда йо1

 

Хьо еза йаларна ма тилла велла хилла со,

Со веза моттарна ма 1еха велла хилла со,

1ехорна, тилорна, безамца 1овжорна,

Къона дог хьастарна, хаза дош аларна,

Баркалла ду хьуна, баркалла оьзда йо1.

 

Ма дукха ду вайн махкахь адамаш,

Ма дукха хилла церан безамаш,

Хьо езаш хилча х1ун дан деза ас?

Хьо езаш хилча ахь ма ехьа вас.

 

Ма зама хиллера вай вовше довза г1иртинарг,

Ма дуьне хиллера вай вовшех дезаш диинарг,

Х1ара зама, х1ара дуьне вайга цхьана даийта,

Безмаца, марзонца вай цхьана дахийта,

Сан дешнех тешарна баркалла оьзда йо1.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив