Аманта – Даймохк (видеоклип)
Даймохк – хьо сан некъан седа, хьо сан ойланийн куралла,
Даймохк – маьлхан сирла, беттан нур лаьмнийн тийна хьан лекхалла,
Вай къонахийн яхь ю хьо, мехкарийн г1иллакх, хазалла ю хьо,
Вай къоман дозалла ду хьо, наной бузу дог ду хьо.
Даймохк, Даймохк, Нана-Даймохк,
Цхьаъ бен боцу хьоме Даймохк.
Даймохк – вайн мостаг1ийн хьаг1 ю хьо, лулахошна хьагал ма бу хьо,
Даймохк – берийн ирсе кхане хьо, вайн нехан бух а, са а ма ду хьо,
Ялсмане дакъа хьо, эвлияийн са ду хьо, дезчу до1е жоп ду хьо,
Делера совг1ат ду хьо.
Даймохк – майра аьлла дош ду хьо, сийлахь долчу къоман б1ов ю хьо,
Даймохк – нохчийн меттан аз ду хьо, сан дай баьхна латта ду хьо,
Вайн къонахийн яхь ю хьо, мехкарийн г1иллакх, хазалла ю хьо,
Вай къоман дозалла ду хьо, наной бузу дог ду хьо.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=ur8_4Ysls90]
Материал "Даймехкан Аз"