Алина Евкурова – Ас баркалла олу хьуна 2014

 

Текст песни и видео:

1уьйрене со г1ийла хьоьжу, суьйрене со г1ийла хьоьжу,

Сан дог дохадерг хьан дог бен дац, Дала йелла со хьуна,

Ас х1ун динера хьан нахана? Ас х1ун динера вай безамна?

Хьо везар бахьна долуш даьккхира вайшиъ цара вовшех.

 

Хьан наха доцург дуьйцуш, ирча йоккхуш хьоьга юьйцуш,

Д1абелира ас болх Деле, Дала йийр ю нийсо царна.

Хьоьга хьоьжуш зама йахара, дагардеш денош со лийлира,

Хьо ларвеш д1а яьлла зама, бехке ю со хьох тешарна.

 

Декъал хьоьца со хир яц, йа марзо хьоьца ас оьцур яц,

Доха дир ахь къона сан дог, Дала доха дойла хьан дог.

Ас баркалла олу хьуна, йелхайеш ахь со йитарна,

Дуьненчохь ахь йоккхучу ханна парг1ато хьуна ма евзийла.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив