Борз хилла г1аьтти хьо сий долу Нохчо!

 

Текст песни и видео:

 

Нана-Мохк йовсарша бухкучу дийнахь,

К1иллой шай къамелах бухучу дийнахь,

Лай хила реза берш лай хуьлчу дийнахь,

Борз хилла г1аьтти хьо яхь йолу Нохчо.

 

Мостаг1чо вай латта хьоьшучу дийнахь,

Вай наной, йижарий боьлхучу дийнахь,

Г1азоте къонахий кхойкхучу дийнахь,

Борз хилла г1аьтти хьо къонах Нохчо.

 

Алонехь г1аланаш ягочу дийнахь,

Ярташках холамаш дебачу дийнахь,

Къизалло къоман дог шел динчу дийнахь,

Борз хилла г1аьтти хьо турпал Нохчо.

 

Бо-берийн аьзнаша кхойкхучу дийнахь,

Балано вай лаьмнаш кхоьлинчу дийнахь,

Тезетехь Нана-Мохк боьлхучу дийнахь,

Борз хилла г1аьтти хьо сий долу Нохчо!

 

Къемат де хоьттича хьо винчу махкахь,

Чов хилла 1овжамо багийча кийра,

Буьрсачу къийсамехь чаг1алташ ата,

Борз хилла г1аьтти хьо сий долу Нохчо!

 

Хьайн сил а даздина дихкина г1азот,

Хьайн сил а язйина Даймехкан маршо,

Мангало тес санна мостаг1ий эгош,

Борз хилла лийти хьо сий долу Нохчо!

 

Йовсарийн арданга керчийна ц1ийлахь,

Х1аллакйеш, отуш и ягийна ц1ергахь,

Турпала къонахий хьакъ болчу махкан,

Гола-м ца вирзи хьо сий долу Нохчо!

 

Баркалла мерза мотт 1аморна бийца,

1ожаллех вежарий ахь 1алаш барна,

Баркалла къоман сий лардарна ц1ийца,

Баркалла тхуна хьо кхиийначаьрна!

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив