Марем Ташаева – Даймохк хьан сирлачу кханенах теша

 

Текст песни и видео:

 

Хилларг, я ца хилларг, бертаза, бертахь,

Доьхнарг, я ца доьхнарг паналехь сецна,

Даймохк, хьох хьирчинчу балане бертахь,

Къонахчо санна ас белшаш т1е тесна.

 

Бехк болу, боца а хьан къиной даь1нарш,

Лар йоцуш байинчу кхолламе теттар,

Даймохк, ма язъелла хир юкха хьан я1наш,

Таккха а хьогаш ду сийлахь хьан гечдар.

 

Хьоьца ас болар до соьцуш, ца соьцуш,

Хьан чевнаш ца хьеша 1инах чекх юьйлуш,

Даймохк, хьан сирлачу кханенах тешаш,

Хьан лазам сайн деган к1оргенех буьйлуш.

 

Хьох 1емаш, хьан лорах йог1у со тахана,

Сайн дагчохь дитина х1оъ-молхи лелхаш,

Даймохк сан иллино хьох г1ад а дахна,

Б1ешерийн херцашлахь до шовкъе хелхар.

 

Доьхнар, ца доьхнарг а, хилларг, ца хилларг,

Замано зарздинчу хьан сийх чекх дийли,

Даймохк, хьан мостаг1на ца тоьи х1илла,

Къардан хьан г1ора ца кхачийна илли.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив