Элина Дагаева – Сатийсарехь зама яккха суна хала ду
Тхойшинна безамна цхьа а оьшуш вац,
Хьоьх ялахь дагахь яллал бен кхи са дац,
Дакъаз яла хьехна олу нанас соьга,
Хьан дуьхьа дакъаз яллал веза суна хьо.
Хала, хаза хетар декъа суна оьшу хьо,
Хьан б1аьргаша соьга хоьттург сан дагахь дерг ду,
Сан са керча, хьан сих хьерчаш юй со хьо гуш ву,
Сатийсарехь зама яккха суна хала ду.
Сан ирсан орамаш хьоьца доьзна ас,
Тешаме ю со хьуна, хьо соьх тешалахь,
Х1умма дац дийцарх со лейо бохуш ахь,
Х1етте а сан безам хьоьга кхийди хаалахь.
Текст песни и видео:
[media=https://www.youtube.com/watch?v=9KwgbtZGPTg]
Материал "Даймехкан Аз"