Шарпудин Исмаилов – Иштта хьуьнар духу хьуна

 

Текст песни и видео:

 

Ма йолахьа хаза суьйре 1аьржа бода хьайца бохьуш,

Бода боьлла чу дирзича хьаьгна дой ца го тхуна,

Ма йолахьа хаза 1уьйре, малх схьакхеташ серла йолуш,

Серло яьлла ара девлча мерза уьйраш ца го тхуна.

 

Ма кхетахьа х1ай дашо малх серла бали кху дуьненчу,

Серла баьлла хьо схьакхетча эзар ойла ахь тхан йойу,

Ма ялахьа хаза б1аьсте толой, хазлой кху дуьненчу,

Хьо хазйелла еана кхаьччи тхан дегнашка хьо ца лало.

 

Ма толойша х1ай аренаш сийна духар шайна духий,

Шу сенъйелла д1ах1иттича б1аьргех долу хи ца соцу,

Ма уг1лахьа х1ай ора борз сел г1ийлачу цу узамца,

Г1ийла аз хьан лере деача хьай доттаг1ий карла буьйлу.

 

Ма тебахьа х1ай ц1оькъа лом хьо къанделча цу ирзона,

Иштта аьтто буху хьуна т1аьхье йоцчу къонахчунна,

Ма г1ертахьа сурхал леча хьо къанделча моха йилла,

Иштта хьуьнар духу хьуна доьзал боцчу дикчу к1ента.

 

Ма г1ертахьа х1ай сира сай хьо къанбелча цу г1елашна,

Иштта аьтто буху хьуна шен во1 воцчу воккхачу стеган,

Ма г1ертахьа сира кхокха хьо т1ам бойча стигал бала,

Иштта хьунар духу хьуна ваша воцчу цхьалхачуьнна.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Positive SSL