Эльбика Джамалдинова – Со х1инца жима ю

 

Текст песни и видео:

 

Яла-йола со ца юьту, со ца юьту,

Хазчу к1анта тхан ураме денна х1уьттуш,

Къайлах лоху йоьду-йог1уш шен б1аьрг бетта,

Безаман дош соьгара и даккха г1ерта.

 

Вог1уш вайчи и дуьне делало,

Цуьнан б1аьргаш чохь сайн ирс хетало,

Безам бийца со х1инца жима ю,

Амма сан дагчохь цуьнан амат ду.

 

Эхь ца хета хьуна к1ант, эхь ца хета,

Хьайга «Жима ю» - ас аьлчи, хьо ца кхета,

Сан мамина и д1а хаахь декъаза хьо ву,

Безам бовза, безам бийца вайшиъ жима ду.

 

Ахь ладог1а х1ай к1ант соьга ишта сих ма ло,

Б1аьрг тоха хьо ца кхуьутуш йоккха хир ю со,

Таккха соьга дагар дийца бакъо хир ю хьан,

1индаг1ашкахь безам буьйцуш гур ду вайшиъ д1а.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив