Шарпудин Исмаилов – Сан лаьмнаш

 

Текст песни и видео:

 

Ма мотта кура ву айбича корта,

Башлаьмнийн баххьашка хьежна ву со,

Цундела лууш ву лакхене г1орта,

Лакхенехь дахаран сийлалла го.

 

Ма мотта г1ийла ву оллийча корта,

Ламанан 1аннаш чу хьежна ву со,

Дахар а ду вайн бух боцуш к1орга,

К1оргено хьекъале стаг кхачаво.

 

Соьгарчу собарех цец х1унда вуьйлу,

Хьажал мел собаре лаьтта д1о лам,

Хийла мох, буьрса дарз цунна т1ех дуьйлу,

Со лаьмнех 1емийна халонаш ла.

 

Со вина лаьмнашкахь нохчочу нанас,

Мокхаза суй бу сан дог латийна,

Амал а сайниг ю сан лаьмнийн амал,

Лаьмнашка безам бу со г1аттийнарг.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив