Ильяс Эбиев – Нохчийчоь
Сан дог-ойла т1е эцна хьо ца хилча дахар дац,
Сан безамо т1емаш хецна со ирсе ван хьо бен яц.
Ма мотталахь ц1ера ваьлча хьо йицйелла лела со,
Вовшех ца гуш зама яьлча сингаттаме 1ара со.
Гуттар хьоьх дозал дора, къастар лоруш шийла 1а,
Хьол хазаниг кхин ца гора, гена махка вахча д1а.
Хьоьга хьежарх со ца 1аьбна, ахьа ирсе вора со,
Оьзда безам дагчохь кхаьбна Нана Даймохк – Нохчийчоь!
[media=https://www.youtube.com/watch?v=34saZSDJMaU]
Материал "Даймехкан Аз"