Хеда и Мадина – Дашо чкъург
Текст песни и видеоклип:
Со яхара шовда эца, шовда дара чехка дохуш,
Шовда эца чу кхоьвдича, юьйжи мама сан дашо чкъург.
Аса тукарца цоьстур ю хьо, ас ц1арца морцур ю хьо,
Схьа карйелахь хьайн дашо чкъург, ас дуьненах хьегор ю хьо.
Вайшиъ маьлхана гучу девли, вайшиъ баттана гучу девли,
Схьало везар сан дашо чкъург, мамина вай гучу девли.
Хаза б1аьсте ялийтахьа, бай т1е зезаг далийтахьа,
Сан берх1ийта шо кхачийтахьа, йедда хьоьга йог1ур ма ю.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=HwJeXN9sR-0]
Материал "Даймехкан Аз"