Группа Нохчо - Махьмийн ловзар

 

Вокально-танцевальный ансамбль «Нохчо» - Махьмийн ловзар

 

Цу хазачу суьйренца, цхьана хазачу б1аьстенца,

Цхьа ч1ог1а кечвелла, со ара ма велира,

Ц1ен ненан хууш дац со стенга вахана,

Со кхайкхина ма вара цу Махьмийн ловзарга.

 

Со вахана д1акхечира цу Махьмийн ловзарга,

Ассалам 1алейкум – Ва 1алейкум Ассалам!

Кегийр нах г1евтира – хьо маьрша вог1ийла!

Хьаша ву аьлла со охьа ма хаийра.

 

Маьхкаршка б1аьрг тоха со кхиина валлалца,

Нийсархой г1евтира, хьаша ахь ладог1а,

Соьга схьакховдира дуьххьара хелхар бал,

Д1ай-схьай хилина со юккъе ма велира.

 

Х1ара дуьне ва дерриг сай ду моттара,

Цхьа ч1ог1а хаза хетта самукъа делира сан,

Т1аккха ас б1аьрг туьйхира мехкарийн тобане,

Массарел хаза йара Тумиша боху йо1.

 

Йо1 езар т1ехь даьлла ц1ен нана йицйелла,

Ас йо1е хаттар дира: «Хьо соьга ва йог1ий?»,

Йо1а дош делира: «Йог1у» -ша ва аьлла,

И ч1ог1а хаза хетта со хелха ма велира.

 

Соьца хелха яьккхира сан хьомсара Тумиша,

Хелхар бал баьккхина, ловзаран го тесса,

Юххе т1е а хилина Тумишас элира:

«Тховсехь д1а йигахь, ца йигахь хьо стаг вац!»

 

Сел хазачу суьйренца сайн дош кхочуш дан,

Тумиша ас йигира со вехачу х1усаме,

Ц1ен нанас хаттар дира: «Хьо зуда мила ю?»,

Кхера велла ас хьаша ю элира.

 

Т1е нускал далийна, оьг1аз йахана,

Бераш дитина ц1ен нана д1а яхара,

Цунна т1аьххье Тумиша дукха сиха д1а яха,

Т1аккха со висира со цхьаъ берашца.

 

Сан хьомсара доттаг1ий масалша ду шуьна,

Шу ч1ог1а ларлолаш иштачу ловзарехь,

Варелаш, варелаш, дукха ч1ог1а ларлолаш,

Со санна дуьсур ду, т1аккха т1аьхьа хир ду.

 

Текст песни и видео:

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив