Тамара Дадашева, Марем Ташаева – Дийцахьа доттаг1а

 

Тамара Дадашева и Марем Ташаева в дуэте исполняют новую песню «Дийцахьа доттаг1а»

 

Доттаг1а, хьан дахар муха ду те дийца,

Некъаца, балхаца лара йой алахьа,

Баркалла, дика ю, вайн Далла хастам бу,

Дийцахьа доттаг1а, хьан г1уллакхаш муха ду.

 

Хьуна ма ха1ара, замано зуьйш ду вай,

Къоналла дош алале гена йели вайх,

Амма вай къар ца ло, халонаш хьоьшу яй,

Дуьхьал дарц детташехь когаш т1ехь лаьтта вай.

 

Дог, хьекъал вовшашца тарделла ехи хьо,

Цаьрна шинне лууш дерг кхочуш дан ницкъ буй хаа,

Вай, и ма хетталахь, и доккха х1ума ду,

Сан дег1ехь берриг т1ом цара шиммо латтош бу.

 

Хьажахьа, даго ша жима ду бохица ша,

Хазаниг, мерзаниг самукъа доьхица ша,

Ша качде боху цо, безам ло боху цо,

Вай дела деннаша бохург де боху цо.

 

Вайн хьекхал лекхахь ду, цундела кура ду,

Амма хьекъал хьуна т1ехьалона хаа ду,

Дерриг дег1 лелочу деган хам ахь ца бахь,

Даго ша сецначохь хьо шелдеш сацор ду.

 

Ткъа хьекъал хьекъало чехош ца юьту со,

Хьайн шерийн ойла яй чу ерза боху цо,

Дог дилла боху цо, эшарех, безамах,

Корех чу хьоьжучу дашочу з1аьнарех.

 

Хьекъал хьан лакхалла, сан дагех кхетахьа,

Оццул дехар дича соьга ла дохахьа,

Шу шиъ бертахь хилчи дег1 парг1ат хир дара,

Дуьненан марзонах аса чам оьцур бара.

 

Текст песни и видео:

 

 

Видео "ДайМохк ТВ" с канала YouTube

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив