Имран Усманов – Хьан б1аьргаш

 

Юха а гира суна хьо готтара тийна,

Юха а б1аьрг т1е б1аьрг а х1оттийна,

Кхин гур яц моьттийна хьо сайна гина,

Хьоьга со ца 1ебаш ма хьоьжу тийна.

 

Хьо гучуйаларца са маьлха долу,

Мел гинарг дага дог1у, мел лайнарг дицло,

Кхоьлина лаьттина б1аьрг серла болу,

К1ай хаза т1е йолу, и г1айг1а йицло.

 

Сирлачу цу батте со хьоьжуш санна,

Веха со хьежала садетташ хьоьга,

Дарбане синтем луш лаьцначу дагна,

Хьан б1аьргаш баттал а эсала догу.

 

Мел йоккху хан ас хьоьца йоккхуш,

1ийр вар-кха валлалц а со хьоьга хьоьжуш,

Хьуна т1е боьлна б1аьрг т1ера ца боккхуш,

Дуьненан маь1на хьан б1аьргаш чохь лоьхуш.

 

Текст песни и видео:

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив