Нохчийчохь гуьйре – видеоклип

 

Даймехкан дагна к1ел хьийзайо г1арг1ули назмано,

Адамийн ойланех шар-шарахь юцалуш юй,

И шайна ма хеззи сан шараш къоларна даз ма ло,

Набарна йоьлу уьш, схьа ала шунаш а юй.

 

Г1аш оьгуш шабарийн бег1ашца го охкуш тийналлийн,

Шайн кхорза барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа,

Б1аьрг баса баккхарал совнах шен б1аьрлачу сийналлийн,

Стиглано хебадо т1ехь маьлхан нур даьгна хьажа.

 

Мархаш ю билхина маьлхан б1аьрг бакъа бен йовлакхаш,

Уьш х1инца б1аьрхиша язйина аймал юкха,

Йочане ойланаш со везачо шу ма йойлакха,

Со-м хьийза вой аша коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа.

 

Дехкаша нох дохуш санна ду шур-шур дар дерзано,

Дохк мел лаьтта ша лам оьзна яккхина шура,

Кхоьлина денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано,

Ду иза сан б1аьргийн нур оза ца дашал кура.

 

Хьан гонехь ву алий даккха ас сайн ирсан са мукъа,

Т1аьхь-т1аьхьа шийлачу хьаспашка марзделла 1алам,

Генна д1акхийсахьа г1айг1анан керканаш цкъа мукъа,

Хьо ч1ана доллушехь гор боьду сан б1аьргийн т1алам.

 

Мехашца техкабеш генгали сан хазахетаран,

Хаалахь бу иза аса хьайна сай сих бина,

Ахь суна т1ехула лаьцначу стигланан четаран,

Бос мухха белахь а аьхна бу даиман сан сина.

 

Саца бе хьай кхача, бацахь и ца бууш аз ма ло,

Эхкарла хьерчайеш маж йелла хьан бецин чуьйраш,

Даймехкан дагна к1ел хьийзайо г1аргули назмано,

Сирлачу г1айг1анан хих йохуш адамийн уьйраш.

 

(В тексте могут быть неточности, просьба сообщить)

Дешнаш – 1илман Юсупов, Мукъам – 1иса Келоев

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Positive SSL