Ильяс Эбиев – Езачу йо1е

 

К1ези дайна барзо санна аса суьйренаш дукха толлу,

Хьо ехачу х1усамашна го тосий со чу ма воьрзу,

Массо динийн шен шен дог ду шеца цхьацца безам болуш,

Со да волуш кийрара дог ду, хьо езарах дуьзна и ду.

 

Малх д1абузи суьйре йог1у, мехкарша шовда кхоьхьу,

Хьан нур сарахь сирла гина нийсарашлахь дозал хета,

Малх схьакхети 1уьйре йог1у бацалара зезаг хьоьстуш,

Хьо сайн б1аьргийн ганза йисича дог-ойла сан г1ийла хьулу.

 

Ахь шайн нене хатта деза жимчохь хилла г1ийла ойла,

И шун дада везаш йолуш цуьнан дог-ойла муха хилла,

Ахь ладог1а деган езар, аса даггара боху хьоьга,

Мел дийцарах дукха долуш, хьо езаш дог карзах дуьйлу.

 

Мукъам а, дешнаш а С-Х. Эскендиров

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив