Майрбек Хайдаров – Йоккха стаг

 

Йоккха стаг хьо дийна юй те?

Йоккха стаг хьо могаш юй те?

Мацах цкъа ахь аьлла дешнаш,

Тахана сан новкъахь эшна,

Ахь х1етахь бинера хьехам, тахана и маь1не хета.

 

Схьагарехь тхо г1ур дац цхьанна,

Х1уманан хенахь мах хадо,

Вацахь стаг лехамца вехаш,

Яьздеш кху дахаран некъаш,

Йоккха стаг ахь аьлла дешнаш,

Ас стенна таьптар т1ехь дешна?

 

Бакълуьш хиллера хьо, бакълуьш,

Сан некъо хьан дешнаш бакъ ди,

Догуш дац, я довш дац г1иллакх,

Йогучу ц1ерга и дилларх,

Шеллуш ва дац оьзда г1иллакх,

Шийлачу шелонга и дилларх.

 

Йоккха стаг хьо ирахь юй те?

Чу-ара яла луш юй те?

Г1иллакх, оьздангалла д1а далахь,

И г1иллакх тхо дукха баха,

Кхоьллина лелочо дуьхьа,

Сий дайта лелочо юьхьа.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив