Асет Абубакарова – Тешнабехк

 

Т1ам тухий г1аттаво безамо,

Хорам бой вожаво безамо,

Х1ара дуьне къагадо безамо,

Технабехк ца буьту безамо.

 

Сахьийзаш, сагатлуш са дала ма доллу,

Сил дукха хьо везаш со хьоьха ма ели,

Хьоьха ца ялалуш, сайн нахах ма ели,

Соьга ладог1ахьа сан деган везар.

 

Сагатдеш, сахьийзош т1е те1а бала,

Де, буйса мел дели т1е г1ерта г1айг1а,

1уьйрешка хьегайеш соьх йина ва ойла,

Ма лолахь кхи суна ва хаза суьйре.

 

Дош достург ва дуьйцуш, мотт марг1ал лебеш,

Ва хьайна ша везахь тешахь шеха бохуш,

Тешнабехк би суна со шеха тешначо,

Соьга ладог1ийша сан нийса нийсарой.

 

Ца везаш ца хьирчи со хьоьха дукха,

Толамца ца кхайкхи и нехан меттанаш,

Яланза ца йолу со хьоьха х1инца,

Йиц ца йара доьху ас заманан йохаллехь.

 

Схьа дала ма доллу кийрара мерза са,

Схьа эккха ма доллу кийрара дилха дог,

Цу декъал хиларо кхи езар лехна мо боху,

И сан даго ма ца лов.

 

И сан даго муха ловр ду,

Сан даге и ла ма ца ло,

Дагна дукха дезна к1орни,

Шен езарца д1ахоттийча.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив