Тамара Адамова – Хьо хазвелла

Текст песни и видео:


Безаман цхьа мерза туьйра дохьуш еана хаза суьйре,

Ойла хаза йеш лаьцна жим дог, набарна ца юьтуш товжа,

Гина йоцу къайле йовза, дагахь доцуш суна вевзи хьо,

Малхе кхийда зезаг санна, дог сан хьоьга кхийда денна,

Хаза б1аьсте дагчу йоьссина.


Хьо хазвелла, 1ехайелла,

Дерриге дуьне суна делла,

Дала велла хьо сан ирсана.


Дийнахь сецош ас латтийна, буьйса йоьлча цхьа лаьхьтина,

Даго хьуна г1ийла лоькху йиш.

Ломах дуьйлу шовда санна, стигал елхо дог1а санна,

Хьо гуш хилча везнарг сан б1ара хиш,

Ана йисте дахар хьаьдда, юьсур ю те ирсех хаьдда,

Йиш яц къайле йовза кхолламан.


Хьо хазвелла, 1ехайелла,

Дерриге дуьне суна делла,

Ирсе ю хьо сайна вовзарна.


Вита бохуш, виц вен бохуш, цуьнца хьан ирс хир дац бохуш,

Безамех яккха со хьийзайо, хьуна цуьнгахь х1ун хазделла,

Цунна йоьлхуш х1унда лела, оццул х1унда 1ехайелла хьо?

Наха дуьйцург хазац суна, сан къа хир ду везнарг хьуна,

Тешнабехк ахь бахь вайн безамна.

 

Мукъам а, дешнаш а (слова и музыка) – Тамара Адамова

 

[media=https://www.youtube.com/watch?v=Dubw1QLQ7Tc]

 

Материал "Ibrahim Chechen/Daymxkan az"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив