Макка Джаватханова – Доттаг1алла я безам
Х1ун ду те дахарехь деза, муьлхачо озор дар терза,
Бу теша мехалла безам, я лара доттаг1а веза,
Вуй теша хуург и хьеха, башхалла суна-м ца хета,
Бац цаьрца адманна эшам, кхийдабо дегнашка тешам.
Сан дагна и ший а мехалла ду,
Цхьаъ тесна кхин толо сов хала ду,
Везар хьо тешаме доттаг1а хила,
Ма дита хьайн дагчу ямартло хила,
Доттаг1 хьо даима безаме хила,
Ду иза дахаран, нийсонан 1илма.
Хьена ю еха хан зама, муьлха девр дац дагчуьра кхана,
Безам г1ур бу те д1а пана, доттаг1алла хадор те цхьаммо?
Цу шиннех цхьаъ хьоьх д1а къастахь,
Дац хьуна дуьззина дахар,
И ший а хьан дагчохь дацахь,
Оьший те лаьттан т1ехь ваха?
Текст песни и видео:
[media=https://www.youtube.com/watch?v=lYhPzk9aPGo]
Видео "Ibrahim Chechen/Daymxkan az" с канала YouTube