Ахьмад - Къинт1ера йала хьо сан нана суна
Ахьмад - Къинт1ера йала хьо сан нана суна - на концерте "Ненан мотт" 2012
Сан нана аса ойла дукха ца йина
Мел езаш хьоме хилла хьо нана
Жималлехь, бераллехь моьттура суна
Ахьа хьоьстуш даима хир ву со нана.
Нана сан жималла гена д1айаьлла
Къаналле лести со йис йуьллуш коьрте
Делахь а, со човхош дош ахьа аьлча
Жималла дага йог1ий дог ловза долу.
Цомгаро к1елвитина 1ожална вижича
Лаьаркха нана цкъа ахь таьххьара азца
Эсала къинхетам куьг ахьа хьаькхча
Набарна вуьжур вара сатийна мерза.
Дала хьо къор1анчохь йазйина йуьйцу
Элчанаш ... лерин хир ду
Леларца, ларамца леллехь галваьлла
Къинт1ера сан нана йала хьо суна.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=rUJ6IjJ15bo]