Руслан - Сан дай баьхна юрт

 

Руслан - Сан дай баьхна юрт 

Туркой махкахь 1ийна ваьлла, винчу юьрта со вог1уш ву

1уьйре йолуш лам т1е вуьйлуш сай дай баьхна юрт лоьхуш ву

Х1унда лоьху ас ширделла берахьлера сурт

Х1унда суна хьо хазйелла, сан дай баьхна юрт.

 

Маьрша ва хьо аьлла юьртахь, дуьхьал яла сан нана яц

Берий бераш даккхий хилла, царна хьежарх со войзур вац

Х1унда воллу со къаьжвелла лаха ненан чурт

Х1унда суна хьо хазйелла сан дай баьхна юрт.

Х1унда воллу со къаьжвелла лаха ненан чурт

Хьо хазайелла, хийцаелла, сан дай баьхна юрт.

 

Нехан махкахь 1алур доцуш, винчу юьртахь сан дог ма ду

Т1емаш доцу леча санна, даймохк боцург ма г1ийла ву

Х1унда воллу со къаьжвелла, лаха ненан чурт

Х1унда суна хьо хазйелла сан дай баьхна юрт

Х1унда воллу со къаьжвелла лаха ненан чурт

Хьо хазайелла, хийцаелла, сан дай баьхна юрт.

 

[media=https://www.youtube.com/watch?v=T39so0-OITo]

 

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив