Элина Муртазова - Безаман г1айг1а - 2012
Элина Муртазова - Безаман г1айг1а - 2012 (Х1у ду те сан коьрто хьоьхург)
Ма бала лаьтта сан кийрахь
Аса хьаьнга буьйцур бу и
Ма серла юьйлу и алу
Аса стенца йойур ю и
Х1у ду те сан даго лоьхург
Стенна йо те безаман г1айг1а
Стенна хьийза хеназа ойла
Мацалла ловр ю сан дег1о
Халонаш ловр ю сан ницкъо
Ойланаш лалац сан коьрте
Аса хьаьнга деха те орца
Соьх х1инца мила ву кхета
Ма хала хиллакха сецо
Маьхьарца буьзна и кийра
Комментарии 4