Тамара Адамова - Безам, безам лохьа суна ахь

 

Тамара Адамова - Безам, безам лохьа суна ахь

Суьйранна сайна ца гахь, суна хьан аз ца хазахь

Тийналло хорам бина, лелар ю со буьйсанна

Хьаьгйелла шовда молуш, ца гур те хьан сирла сурт

Седано лепош стиглахь, дуй техьа хьан б1аьргий нур

 

Сирла-сирла лепа беттан са,

цу чохь лепаш б1аьргийн нур ду хьан

 

Суна хьо кхечунца гахь, хьай безам ахь цунна д1а лахь

Дог доьлхуш сай баленна, лелар ю со даима

Буьйсанна синтем боцуш, дийнахь хьо га йиш йоцуш

Йоьлхур ю сай безамна, сайна хьо т1аьх везарна

 

Йоьлху-йоьлху со вай безамна,

Ишта хир ю те со даима?

 

Ахь со хийла ялхийна, бехк боцуш дог хьийзина

Сил дукха везарна хьо, хьоьх яла …

Синтемех со яьккхина, дог карзах ахь даьккхина

Ойланаш йойту ахь соь, яларна кхоьру со хьох

 

Безам-безам лохьа суна ахь,

Лепийта вай безаман малх.

 

Хьан безам ц1ена белахь, хьо доггах лелаш велахь

Дош ло аса везарг хьуна, массарел хьо ирсе ван

Ахь соьга безам балхош, д1аихна хаза денош

Биц ма белахь сан безам, бицлахь вай къаста деза

 

Теша-теша йог1учу ханна,

Ирсе хир ду хир делахь цхьана

 

[media=https://www.youtube.com/watch?v=tSAY4MRgISs]

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив